Портал Культурных учреждений
Чеченской Республики

«Бекарг беттан 25-гӀа де – Россин культурин белхахочун де» хиларна тӀедоьгӀна «Россин культурин а, искусствон а гӀарбевлла гӀуллакххой» аьлла горга стол хилира.

24.03.2023

2023-чу шеран Бекарг беттан 24-чу дийнахь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Сийлаллин хӀолламан комплекс - музейхь «Культура йоцуш къам дац» (А-Х. Кадыров) аьллачу Ӏилманан темин гурашкахь Мичуринан колледжан 3 группин студенташна лерина «Бекарг беттан 25-гӀа де – Россин культурин белхахочун де» хиларна тӀедоьгӀна «Россин культурин а, искусствон а гӀарбевлла гӀуллакххой» аьлла горга стол хилира.

Мероприяте кхайкхина: РФ а, НР а культурин а, искусствон а хьакъболу гӀуллакххой а, СССР-н, РФ-н а, НР-н а дешаран хьакъболу гӀуллакххой а, РФ-н а, НР-н а йукъараллин а, политикин а гӀуллакххой а, НР-н хьакъболу журналисташ а. Мероприяти вовшахтоьхнарг а, дӀайаьхьнарг а Сийлаллин хӀолламан комплекс-музейн Ӏилманан белхахо Л. Азиева йу.

Мероприяти лекторан: «Халкъан син-оьздангалла денйалар культурехула а, искусствехула а ду. Культура йоцуш-къам дац (А. А. Кадыров)» - дешнашца дӀайолийра:

Маршалла ду шуьга, лараме хьеший! ХӀара вайн мероприяти чӀогӀа майрачу, хьикматечу, бусалбачу, хиндерг хууш волчу пачхьалкъан гӀуллакххочун, Россин Турпалхочун, Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дешнашца дӀайолийна ас.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжас ша Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхочун даржехь волчу хьалхарчу деношкахь дуьйна, тӀеман хиламашкахь йохимйна йолу вайн регион инфракструктура а, бакъонашларйаран хьаьрма а, экономика а йухаметтахӀотторца нийсса цхьаьна дешарна а, культурина а, спортана а боккха тидам бора.

Цо аьллера: «Нохчийн театр болх бан а йолалахь, вайн Даймахкахь Паскаев Рамзанан кехат-пондар а Дагаев Валидан дечиган-пондар а йуха а лекха болалахь, дуьненна а ЗахаровгӀеран а, ЭсамбаевгӀеран а керла тӀаьхье а йовзахь, гӀарйаьлла йолу «Вайнах» ансамбль ша хьалха хиллачу сийлалле кхачахь, культурин хьаьрмахь айса дан деза декхар кхочуш дина лорур ду ас!

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин «Культура йоцуш къам дац» аьллачу кхайкхамца дӀаболийра Нохчийн Республикехь культурин объекташ менттахӀиттиорна жигара белхаш.

2000-чу шеран аьхка дуьйна дӀаболийра культурин объекташ йухаметтахӀитторан белхаш, культурин министерство йуха кхоллар. 2001-чу шарахь Нажин-Йуьртан Культурин цӀа схьадоьллучохь, Ахмад-Хьаьжа говза хелхававолучу хенахь, нехан бӀаьргаш хазхетаран бӀаьрхих дуьзна дара.

Культурин белхахой балха арабевлира, поэташ а, йаздархой а тӀеоьцура, йухаметтахӀиттош йара театрийн а, телевиденин а кхоллараллин коллективаш, радио, шуьйрачу хаамийн гӀирсаш, хелхарийн а, исбаьхьаллин а тобанаш.

«Вайнах» ансамблан дахаре йухайерзар 2002-чу шеран бекарг беттан 29-чу дийнахь Пачхьалкхан «Россия» концертан зала чохь хилира. ХӀетахь оцу концертехь Ахьмад-Хьаьжа а вара. Дукхах болчарна дагдогӀу хир ду оцу дийнахь цо аьлла дешнаш: «Таханлера де вайн республикин дахарехь мехала, къастамаллин де ду, хӀунда аьлча кху зал чохь болчу оццул нахана кху иракарахӀоттточу хелхаршка, ловзаршка, сатийсина де хиларна. Цкъа а ма совцийла уьш!»«ХӀора а йуртахь школа а, маьждиг а, культурин цӀа а хила деза»- олура Ахьмад – Хьаьжас. Таханлера вайн мероприяте кхайкхина бу: РФ а, НР а культурин а, искусствон а хьакъболу гӀуллакххой а, СССР-н, РФ-н а, НР-н а дешаран хьакъболу гӀуллакххой а, РФ-н а, НР-н а йукъараллин а, политикин а гӀуллакххой а, НР-н хьакъболу журналисташ а, поэташ а, йаздархой а. Тхуна даггара хазхета шу тхо долчу даьхкина. Тхан ларам бу шуьга, хӀокху бӀешеран дийна болу тешаш, турпалхой, тхан хьоме бӀанакъостий, къинхьегамхой. Тахана шун де ду! Культурин белхахойн де! И хала зама даглаца а, хилларш-лелларш муха дара царах лаций хӀоранга дийца ала а дехар дара сан… хӀунда аьлча, шу ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжа коьртехь а волуш истори кхоьллинарш. Шайн рогӀехь къамелаш дира кхайкхинчу хьешаша. Хьешаша а, лекторша а дуккха а дийцира оцу заманах лаьцна. Йуьйцуш йолчу темина лерина видеоматериал а, фильм а гайтина, А-Хь.Кадыровн а, кхечу авторийн а говзарш а йешна. Чаккхенехь лектора билгалдаьккхира, Ахьмад – Хьаьжа даима а тешна вара нохчийн халкъан культура а, искусство а йуха денлур а йу, йуха метта хӀуттур а йу аьлла. Нохчийн Республикин тахана Россин дукхачу регионашна а, гӀаланашна а масал эца хьакъ долу регион хилла дӀахӀоьттина йу. Оцу дерригенан бух биллинарг А.-Х.Кадыров ву.Студентийн аудиторин хаттаршна кхачам боллуш жоьпаш делира. Мероприяти къоначу чкъурана беркате хир йолуш, дика чекхйаьлла.Мероприяти нохчийн маттахь дӀайаьхьна.